Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Имран - Жималлехь бераллехь | Текст песни

Pesni.guru - сайт для Гуру

Жималлехь бераллехь

Жималлехь бераллехь
Да-нана дIадаьлла
Висина волчунна бен
Цунна къахьал хуур яц, я́ Росу́лулла́хI

Жималлехь бераллехь
Хьан Да-нана дIадаьлла
Висина вай Элчи
Хьо дукха вийзира вай Далла

Нeнa кийрахь Хьо волуш
Хьай да IабдуллахI кхалхийна
Хьан ялх шо ва кхаьччи
Нана Аминат кхалхийна я́ Росу́лулла́хI
Сама ялахьа Аминат бохуш
Цу кхалхинчу хьай ненах - хьерчира хьо я́ Росу́лулла́хI

Муьлхачу балийна хьо собаре хиларна
Бала-ойла ца елхош
Ахь къурдаш дукха дарна я́ Росу́лулла́хI
Хьан гIелделла кийрара дог
Асхьаби тобанца
Ахь хьастийра вай Далла я́ Росу́лулла́хI

Хьан долу деш висина волу
Iабдул-МутIаллиб кхелхина
Хьан терго еш лаьттина волу
Абу-ТIалиб кхелхина, я́ Росу́лулла́хI
И Дела цхьаъ вей-ша бохуш
ГIийла эшар йиттира Ахь я́ Хьаби́булла́хI

Хьан деваша Хьамзатах
Ухьудехь хьо къастийна
Ша воьлхур ву хьуна
ХIай сийлахь Хьамзат ва бохуш я́ Росу́лулла́хI
Хьайн уггур гергарчарах
Ма чIогIа хьегира хьо я́ Росу́лулла́хI

Хьай кийра мацбина
Уммати ва бохуш
Хьайн кийра хьагбина
Уммати ва бохуш я́ Росу́лулла́хI
Хьо Деле хьаставелчи
Вай Далла хьастийра хьо я́ Росу́лулла́хI


Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2
Видео
  • Хьажа 2012. Жималлехь бераллехь. Элчи вийцар. 1имран Хьажа 2012. Жималлехь бераллехь. Элчи вийцар. 1имран
    Жималлехь бераллехь. Элчи вийцар. 1имран. Къадари Т1арикъат болх. SubscribeSubscribedUnsubscribe 2,0442K. Loading... Loading.