Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Ali Dimaev - Belita | Текст песни

Pesni.guru - сайт для Гуру

1аьржа буьйса сапна, 1аьржа
И хьан б1аьргаш, Белита.
Вагош ткъесах, т1е а доьг1на,
Лаза ма во со цара.

Цкъа шаьлтанех хьожу ира,
Цкъа седанех къегаш го.
Куьркахь санна, ботту кийра,
Дорцехь санна, со шелво.

Маржа я1! И 1аьржа б1аьргаш
Ахь т1едоьг1на, Белита.
Вала- вола меттиг боцуш,
Ма гатвина со цара.

Елааьлча б1аьргаш доьлу,
Шайх тардина беттаса.
Оьг1аз яхча, амат кхоьлу,
Гатдо ахьа к1ентан са.

Ойла йойту, карзах вохуш,
Пхенаш чохь ц1ий кхехкадо.
Урамехь хьо яйча йог1уш,
Сатийсамо хьовзаво.

1аьржа буьйса сапна, 1аьржа
И хьан б1аьргаш, Белита.
Вагош ткъесах, т1е а доьг1на,
Лаза ма во со цара.


Другие названия этого текста
  • Dimaev - 1arja byargash.. ochen krasivaya pesnya (0)
  • Ali Dimaev - Belita (0)
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-