Бу бохучу мехкаршлахь
Со яра ахь къастийнарг.
Вог1уш вайча кхаъ хуьлу
Са кийрахь ц1е кхастийнарг.
Кадечу хьай боларца
Соьга хьа схьавирзина.
Безамах дог хьаьгна ву..
Эли ахь со хаьржина.
Припев:
Сан б1аьргийн нур ду хьо,
Сан лера са ду хьо!
Цхьа ц1еран суй бу хьо,
Нуьцкъалла к1ант ву хьо!
Хьо веза,шеко яц..
Хьоьга бен безам бац!
Хьо цхьаъ бен эли вац.
Хьо саннарг кхи хир вац!
2-ой куплет:
Ас хьоьх сирла ойла йо,
Сан безамах вуцуш хьо.
Ахь елла зезагийн курс
Маракъуьйлу дагахь хьо.
Вай дийцинарш дагчохь ду,
Цундела хьоьх теша со.
Сан кийрара мерза са,
Хьо воцчохь ца 1ехало.
3-ий куплет:
Хьал-де долчу к1енташлахь
Хьо хазвелла яра со,
Амма цкъа ца моттара
Оццул везалур ву хьо!
Эсалчу схьахьажарца
Соьга хьа схьавирзина,
Безамах дог дуьзна ву,
Эли ахь со язъйина!
Baalaa Baalaa еще тексты
Другие названия этого текста
- А♔.. - Тамила сагаипова - Са б1ярге нур. (1)
- Вайнахская молодежь - Тамила Сагаипова Са б1ярге нур[☆TS☆] (1)
- Sss ma - 46 (0)
- Tamila Sagaipova - Sa B|yarge Nur (0)
- АК - Са б1ярге нур[☆TS☆] (0)
- [☆TS☆]Тамила сагаипова - Са б1ярге нур[☆TS☆] 2014 (0)
- Тамила сагаипова(ЧЕЧЕНКА) - Са б1ярге нур (0)
- Тамила Сагаипова - Са б1арге нур (M95) (0)
- Baalaa Baalaa - Са б1ярге нур (0)
- [☆TS☆]Тамила сагаипова - Са б1ярге нур[☆TS☆] (0)
- АсЛаН - Са б1ярге нур[☆TS☆] (0)
- ЛАТИКА - Са б1ярге нур (0)
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2