Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

❤Benoeva❤ - Лариса Иризиева_ хаз к1ант | Текст песни

Арахь 1алам хаз делла дог1у и ненан хаз к1ант ма кхиъна вог1у, х1ай ненан хаз к1ант схьа хьажа соьга реза ву хьо суна ахь алахь соьга.. х1ай ненан хаз к1ант схьа хьажа соьга реза ву хьо суна ахь алахь соьга..

Г1иллакхаш г1уллакхаш хууш ю хьуна шок лоькхуш хьан нана 1ехор ю хьуна, х1ай ненан хаз к1ант схьа хьажа соьга йуьгур ю ахь хьайна алахьа соьга.. х1ай ненан хаз к1ант схьа хьажа соьга йуьгур ю ахь хьайна алахьа соьга..

Хьо соьга хьежча са карзах долуш, кхечуьнга хьежча дог лаза долуш, оццал хьо везаш лелаш со хилча сан везар алахьа йуьгур ю хьайна.. оццал хьо везаш лелаш со хилча сан везар алахьа йуьгур ю хьайна..

Хаза т1е дуг1уш лелор ву хьуна, мерзаниг даъош кхобар ву хьуна, х1ай ненан хаз к1ант ас боху хьоьга т1е хьоьвзийн ирс ду кхочуш дерг хьоьга.. х1ай ненан хаз к1ант ас боху хьоьга т1е хьоьвзийн ирс ду кхочуш дерг хьоьга..

Сан ДеГан везар ладог1ахь соьга сан безам даггара бу хьуна хьоьга, хьо воцург кхи к1ант везар вац суна, езахь а ца езахь а со хьа ю хьуна.. хьо воцург кхи к1ант везар вац суна, езахь а ца езахь а со хьа ю хьуна..

Арахь 1алам хаз делла дог1у и ненан хаз к1ант ма кхиъна вог1у, х1ай ненан хаз к1ант схьа хьажа соьга даггара со еза ахь алахь соьга..

Другие названия этого текста
  • ❤Benoeva❤ - Лариса Иризиева_ хаз к1ант (0)
  • Marika Jimsheleishvili - Ненан хаз к1ант (0)
  • LeyLa˙·٠•♥ - Ненан хаз к1ант (0)
  • Лариса Иризиева - Ненан хаз к1ант (0)
  • Лезгинка - Ненан хаз к1ант (0)
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-