Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

❤️Benoeva❤️ - Макка Межиева _ Нур безам 2015) | Текст песни

I. Хьо соьга хьоьжу,дог хьан ду дешна
Мерзачу безамца кхехка и кийра
Дан амал доцучу бахначу безамо
Жималла г1аттийна хьийзайо готта

II. Марг1ала хьан б1аьргаш, нуьре ду догуш
Хьайн б1аьрга со яйча дуьне а дицло
Ницкъ болчу безамо хьаннашка вуьгий
Акха сай тарло сох,таллархо веха

Припев:
Безам, ницкъ болу безам
Хьо эшо хилла дац, дина дац герз
Безаман сий динарг ма ирсе ваьхна
Безамо эшийнарг ца ваьлла ваьхна
Безам, бос нуьре безам
Хетта а ца хоьттуш ахь дог д1а лоцу
Цхьаналлехь ахь лаьцнарг ма б1аьрзе ву-кха
Жоп делла вехачун, мерза стом кхуьу
Хьой кхача йиш йоцчу ахь эхарт туьйсу
Жоп делла вехачун мерза стом кхуьу

III. Безамо лаьцнариг валалац къайла
Шен коьрто хьулдинарг даго ца дуьту
Эшарца, иллешца туьйране болий
Дуьнен т1е базло хьо, х1ай, мерза безам

Припев:
Безам, ницкъ болу безам
Хьо эшо хилла дац, дина дац герз
Безаман сий динарг ма ирсе ваьхна
Безамо эшийнарг ца ваьлла ваьхна
Безам, бос нуьре безам
Хетта а ца хоьттуш ахь дог д1а лоцу
Цхьаналлехь ахь лаьцнарг ма б1аьрзе ву-кха
Жоп делла вехачун, мерза стом кхуьу
Хьой кхача йиш йоцчу ахь эхарт туьйсу
Жоп делла вехачун мерза стом кхуьу.

Другие названия этого текста
  • Макка Межиева - Нур безам (New 2015) [exclusive M95] (0)
  • ❤️Benoeva❤️ - Макка Межиева _ Нур безам 2015) (0)
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Популярное сейчас
Видео
Нет видео
-