I. Т1аьххьара дагара дийцина 1еначу б1аьрхишца соь хьоьжуш Лекхачу лаьмнашкахь сай безам Битина воьду со генна д1а Воьду со аренаш хедаеш Ламанийн ирхенаш эшаеш Зезаго кхелинчу бацалахь Безамах ойланаш лехьаеш ( 2 раза )
II. Т1улгашца 1еначу шовдано, Зурманах декачу иллешка Лерина тидам беш ладоьг1ча Тарло и хьан озах езар сан Сирла де бодано кхолийна Дог1ано ламанаш т1адийча Вай къаьсташ дилхинчу хьан б1аьргех Тардо ас г1ийла сурт езар сан ( 2 раза )
III. Геналло хьоьх со хьегийна Тем боцуш къона дог деттало Безамна детта са кхачийна Шу юьрта юха а вог1у со Вог1у со аренаш хедаеш Ламанийн ирхенаш эшаеш Зезаго кхелинчу бацалахь Безамах ойланаш лехьаеш ( 2 раза )