Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Chechen Folk Music - Х1ай Нохчий Къонахий | Текст песни

Къонахчо Дина шен Сий, цхьанна Дас дойъур дац.
Къонахчо дайъин Сий, цхьана Дега Нислур дац.
Варийлаш ларлолаш Х1ай Нохчий Къонахий,
Зен – пайдей нислуш ду аьлла Дош дуьссу.
Варийлаш ларлолаш Х1ай Нохчий Къонахий,
Зен – пайдей нислуш ду аьлла Дош дуьссу.

Дала мел кхоьллинчу массо а х1уманна
Шен шен мах хадийна Нисдина лаьтта.
Дуьнена даьхнеха хьо эца г1артарх,
Човхийна, хьаьстина хьо кхеро г1ертарх,
Кхералур вац Къонаха Цхьа Дэла воцчух,
Эца лур яц 1ожалла цхьанне а х1умах.

Г1ийланиг чехавеш майралла гойтуш,
Бахамо айвина хьо 1аркъал сеттарх,
Нах безаш Г1иллакхе Оьзделца хьо вацахь,
Майралла эшаеш хьуо Собар дацахь,
Иманах дуьззина хьа кийрахь Дог дацахь,
Йовр ю хьа майралла Сий Ларам боцуш.

Маржа я1, маржа я1 т1аьхьло йоцу хьо дуьне,
Ма даа дезара хьо дуьссур дуй хууш.
Ма 1еха дели тхо хьан хазчу куьцех,
Ма лоцур ду ахь тхо де эшначу дийнахь.
Харцонна шен т1емаш даржийна лелларг,
Мискачу нахана зуламе хилларг,
Шен Маьхка Сий дойъуш ша 1еса хилларг,
Доь доцуш вайна ву кху Маьлха Дуьненахь.

Ц1ен Ц1ий долу Нохчо бен Вайх Кхетар ма вац,
Ц1ий кега деллариг Вайга Кхета лур вац.
Х1айн Дегахь хилларг бен хьо Г1иллакх хир дац,
Хьайн Дех хиллариг бен хьох Къонах хир вац,
Вай Дайша олура Шай Хазчу Къамелехь
1ам лаьттинчу меттехь ишалла ца эшна,
Къонаха ваьхначохь Къонаха кхуьур ву,
Къонахий д1а бовлахь йера Дуьне Доьхна!

Ма лолда Вай к1ентий Вовшех Тешам ва байна,
Ма лолда Вай к1ентий Вовший Безам байна,
Нанас Дена ма волда Тешам боцу ва к1ант
И вича ма ваха х1ара Дуьне даа.
Нанас Дена ма волда Яхь йоцу ва к1ант,
И вича ма ваха цу дийна делкъалц.

Вай волга ца хьожуш 1уьйре йелла Вай Дала,
Вай волга ца хьожуш суьйре йелла Вай Дала,
Вай 1осалле ца хьожуш йера Дуьне латта до Вай Дала,
Дала Барт цхьаъ бойла Вай х1ай Дина Вежарий.

Другие названия этого текста
  • Илли - Х1ай Нохчий Къонахий (1)
  • Chechen Folk Music - Х1ай Нохчий Къонахий (0)
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-