Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Hamas- - 1ожал | Текст песни

1ожал.

(Verse 1)

А-а ...
Хьан ойла хьан бахам т1е йирзин,
Даг чохь - рицкъ, хьо шайт1ан т1е вирзин.
Дуьнен т1ех велла массо х1умм диц дин,
Хьокх т1ехьарч заман чохь къинош гул дин.
Х1арам х1инц д1а дера ду: дуьне духур ду,
Х1ора стаго шен кханен бух кечош бу.
Ахь х1у дира ду теш хьан къинош царний,
Х1ар х1умм даг даити хьан дог-ойла ц1ан йе.
Бахамо хьо къелхар вокхур вац хьун,
хьо велач хьайцарний марчо байн хьур дац хьун.
Дуьнен чохь курало яьш ву хьо,
латта буха ваг1ач ц1ун хилла лаьтар ма ву хьо.
Нийса новкъ т1е вала - ойла йе,
Коьртниг валур ду хьун
цуьн г1ейг1 бе г1ейг1 ма йе.
Дуьне дуьсур долуш ду,
Дала бахьанаш лела де аьлла,
къинхетам Делер бу.
1ожал т1е кхеч: стаг д1а кхелха,
тезаьт, кадам, д1ахуьту т1акх нах боьлху.
"Дала геч дойла" - аьлч моьт из хилла декъал
и дукх вай хьекъал,из букх вай кхетам.
Цхьам динер али ма хада бе мах,
генахь лекх зурма хаз йелла бах,
1ад битт нах, хьайх жоп ло ахь,
хьо валалц нийса новкъа т1ир д1а ма валлахь.

(Chorus 1х)

1ожал хьуна т1е кхочур ю,
бекхам хьуна хир ма бу
латта т1ехь эхартахь.
Дала 1амала ца йина ахьа,
лаьтта г1ура ву хьо,
дохко вер ву хьо.

(Verse 2)

Х1инц дар из хьо когаш-1уьр веда лелаш,
мерша оьхуш хьан жималлехь велха воьлхуш.
Кхи гур яц хьун из хан
туьйра хилла д1а деллий из маьрз г1ан.
Марж я1 ма д1а йеллий хьан жималла,
д1айса хьаж ойла йе -
т1екхечи хьан къанал.
Йиснарг дукх хан яц хьайн дик хуур ду хьун,
1амал йе - из байн карор дац хьун.
Нохчо ву али бусулб ву ма мотт,
тап аьл 1е маьла нийс новкъ т1е г1орт.
Каш чохь хьоьг забарш йойтар яц,
стаг ц1а байн кхуьуш вац,
ц1а байн лаьш вац.
Къемат де хир долуш ду Дала мукълахь,
бекхам хир болуш бу вайн лаахь - ца лаахь.
Хьоьг къа хьега ца бах - денахь 5 ламаз де,
мархийн бутт кхаба,къинош ма лехь ду.
Жоьжг1арте - из забар яц хьун,
наха дуьйц элдиташ бакъ дац хьун.
1ожало собар ца до,
из кханенг д1а тоьт ахь,
из хьун га ца го.
Сунам ахь деш цхьа зе дац,
хьайн-хьайн тешна бехк бо ахь
кхи х1умма дац.
Бусулб стаган Делер хир ду г1о,
Хьо нийс ца лахь дохко вер ма ву хьо.

(Chorus 2х)

1ожал хьуна т1е кхочур ю,
бекхам хьуна хир ма бу
латта т1ехь эхартахь.
Дала 1амала ца йина ахьа,
лаьтта г1ура ву хьо,
дохко вер ву хьо.

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
  • Хамас - Нохчи Кхьам Хамас - Нохчи Кхьам
    Хамас - Нохчи Кхьам ... Чеченский Рэп - Хамас - 1ожал | Chechen Rap - HAMAS - 1ожал - Duration: 4:06. by KavkazTV95 8 ...
  • Thiery feat Hamas - Детство ( Chechen Rap ) Thiery feat Hamas - Детство ( Chechen Rap )
    Thiery feat Hamas - Детство ( Chechen Rap ) Thiery feat Hamas - Detstvo ... Чеченский Рэп - Хамас - 1ожал ...
  • Хамас - Ларлуш Хиллахь (CHECHEN RAP) Хамас - Ларлуш Хиллахь (CHECHEN RAP)
    Хамас - Ларлуш Хиллахь (CHECHEN RAP) .... Чеченский Рэп - Хамас - 1ожал | Chechen Rap - HAMAS - 1ожал - Duration: 4 ...
  • Hamas-dutar dac ( chechen rap ) Hamas-dutar dac ( chechen rap )
    Chechen rap hamas dutar dac. ... Hamas are the best:Fuck Israel .... Чеченский Рэп - Хамас - 1ожал ...