Шен Iоршу тIе Мухьаммад,
шена хьаша воьссичи,
Цуьнах Iаьбна ца волуш,
и Дала Ша герга вигнера.
Дала цуьнга аьллера:
Герга вола Сан Хьабиб,
сийлахь кхоьллир Мухьаммад,
Сан нуьре куз хьашахьа,
эвхьазалла ю хьуна».
Сан нуьрах бехк ма леца,
Сан Iаршах пен ма бетта,
Iарша Курс а ерриге,
Ша хьан нуьрах кхоьллина.
Кхул сийлахь долуш хIума,
Ас кхоьллина дац хьуна,
Хьуна дайна анвараш,
Ша хьан нуьрех кхоьллина.
Ойла яй вай вежарий,
оцу меттига сийлаллехь
Эццехь цара дийцинчух,
Iаламате дозаллехь
Дала цунна еллачу,
оцу меттиги, бакъонел
ВаллахIи, БиллахIи цул,
доккха Iаламат ма дац.
Хьуна Синахь Мусайца
цхьалха къамел долийчи,
АхIлу Iалайка аьлла,
мачаш дIаяхтийтира.
Мухьаммаде Iарша тIехь,
мачаш яха ца олуш,
……………… Ша бохуш. Дала къамел динера.
Эццахь Дала тIедиллира, шариIат ша схьаэцна,
Муса пайхамар волчу, Элчи вуха веара
Мухьаммада дийцичи, шена тIедиллина и гIуллакх,
Мусас цуьнга аьллера, лелалур дац Мухьаммад.
ТIаккха вахара вай Элчи, Везчу Деле деха,
……………………дерриш духа даьхнера.
Эццахь Дала Шен къайле, Шен Элчанна йийцира,
Шен уммата гIайгIанна и Элчи паргIат велира.
Элчан уммата……………………………………………………
…………………………………декъална, эццахь Дала гечдира
Къимат дийнахь ши дакъа дийриг дув ай Мухьаммад
Сийлахь Паччахь Ша волу, ШапаIат Да Хьо волуш
Цу дийнахь хуур ду вайна,вайшин долу гергарло,
Оцу махьшарчу гулдинчу доллуч халкъашна юккъехь
- «Уммати, йа уммати», - ахьа шега бохур ду,
- «Рохьмати йа Хьабиби», - Аса хьоьги бохур ду»
Iела АтагIара еще тексты
Сейчас смотрят
- Iела АтагIара - Дала цуьнги элира герга вола я хьабиб
- Сергей Лемешев - Одинокая Гармонь (из к/ф "Дело Румянцева", муз. Б. Мокроусов, сл. М. Исаковский,) 1955
- •Ышо?Ышо!• - •Мне никто не даст ухаххаха угар песня
- Песенки для самых маленьких - Из чего только сделаны мальчики... (+текст)
- Manowar - Hands Of Doom (speed metal)
- Дуэт Кофе - Я не могу иначе
- OST Алиса в стране чудес - In A World Of My Own
- 2Ноггано, Гуф, Витя АК-47, 5 плюх - Давай, делай шире круг
- Kempel - Ты лох, ты гей, ты чмо,ты баба таких как ты сажают на кол
- ~ - Hyde vs Jekyll
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1