Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Iела-Хьажа Белгера - Чехка зикран мел | Текст песни

А1узу биллах1и минаш-шайт1онирроджим
Бисмиллах1иррохьманиррохьим
«Ла хьавла ва ла къуввата илла биллах1ил 1алиййил 1азым»

Вай х1инца долийна дина хилла долчу «1олах1-1улиллах1» аьлла «ЧЕХКА ЗИКР» хилла маьл, х1окхунна хьалха-т1аьхьа Элчанна салаваташ дехкарехь хилла маьл, Къур1анан аят, сурат дешарехь хилла маьл, довдарехь, ког-куьйг тохарехь хилла маьл, ц1ог1 тохарехь, вовшийн б1аьра хьовсарехь, ирс иэцарехь, мичча аг1ор Делан ц1е яккхарехь, къахьегарехь хилла болуш болу маьл, Дала базбина совбаьккхина лойла вайна иза, и маьл Дала хьабаларе терра Делан Элчанна Мухьаммад пайхамарна бели (1алайх1ис-солату ва саллам), вай устазан Киши-Хьажина бели (Дала къайле тайойла цуьнан), Делан Элчан доьзалшна а Делан Элчан асхьабашна а бели, Делан Элчанна тIера охьабогIуш болчу меттарчу баккхийчу цIеначу (Камил) Шайхашна а устазашна а авлияашна бели.
Вай устази Хьажийн Дена Кишин бели, Нанна Хедин бели,
Делан Элчанан, устазан керахула Дела цхьаъ веш, Элча бакъ веш, устаз къобал веш, вайх къастина эхарте воьдуш волчунна (цу хьенехкан ) бели.
Дела дуьхьа вешан масеран Дайшна, Наношна, вежаршна, йижаршна, доьзалшна, вешан ц1ент1е до1е а, саг1е а ладаме а са а туьйсуш хьийзаш долчу синошна массанхьа бели.
Дег1астанчохь массо ярташкахь маьл бала хьакъ болуш д1акхелхина болчу муъмин нахна бели.
Малхбалехь-малхбузехьа Дела цхьаъ веш, Пайхамар бакъ веш, шари1атана а, т1арикъатана а инкарло йоцуш Далла дуьхьал д1а мел баханчу массо бусулба вежаршна а йижаршна а бели.

Я Аллах1 Везан Дела, тхоьгара эшнарг гIалат даьлларг меттахIотта а бай, Хьай къинхетам хьалха болуш и маьл, оцу тхан веллачунна а, оцу тхан беллачарна кхача бе Ахь, Элчана уммате кхача бе Ахь.
Я Аллах1 Везан Дела, х1ара маьл бахьана долуш, х1ара бусулба тоба бахьана долуш, х1ара Дела хьахош миска тоба бахьана долуш, оцу тхан вешина гечде Ахь, 1азапах хьалха ваккхалахь.
1азапахь вацахь, даржехь, мулкехь, диканехь са ваккхалахь.
Хьай къинхетамах а, Элчан шафаIатах а Устазан шовкъах, беркатах а, диканах а ладамах а ма даха Ахь тхо.
Алла́хIумма солли Iала́, Мухьаммадив ва Iала́ Али Мухьаммадив ва саллим - Фатихьа

Iела-Хьажа Белгера еще тексты


Видео
Нет видео
-
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2