Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

[muzmo.ru] Ислам Ахмедов - Безамо со вага во [muzmo.ru] | Текст песни

Ас сан мерза безам хьуна кхиийна,
Ма ала ахь и ца оьшу хьай дагна.
Суьйре йеъча хьо гаре со хьоьжур ву,
Хьан б1аьргаш чохь сайца кхоллам лоьхур бу.

Сийна ц1е сан къона кийра латийна,
Ма г1ертахьа соьх д1акъаста сих йелла.
Дахар хаз деш ела лохьа ц1а мукъне,
Со ирсе веш сих ма далита дуьне.

Припев (х2): Безамо со вага во,
Даго шена йоьху хьо.
Ницкъ бац са кхи бетта са,
Хьоьца йеха ойла сан.
Ницкъ бац са кхи бетта са,
Хьоьца йеха ойла сан.

Хьан амато коре лаьцна буьйсано,
Мел хьежарах сунам и ца к1орда до.
Амма йог1у 1уьйре буьйса эша еш,
Г1айг1ане со волу хьуна са гат деш.

Хьо езарна син тем байна со лела,
Вог1ур ву со хьоьга дийца даггара.
Б1аьсте йолуш хьоьжу вайга дашо малх,
Дахийта вай ирсе, вайх а хьоьгуш нах.

Припев (х4): Безамо со вага во,
Даго шена йоьху хьо.
Ницкъ бац са кхи бетта са,
Хьоьца йеха ойла сан.
Ницкъ бац са кхи бетта са,
Хьоьца йеха ойла сан.

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-