I. Ца оьшу сан дагна кхин йовхо, Ца оьшу сан б1аьргашна серло. Хьо хилча сан ц1ий лела пха, Хьо хилча сан дахаран га. Хьо цхьаъ хилча дерриге сан, Хьо цхьаъ хилча ас доь1у са.
Припев: Безам хьо хиларх мел къаьхьа, Хьо хиларх мел чоме. Дац суна дуьненахь, дахарехь Х1умма а хьоьл хьоме. Мел мийларх ас безам, Сан дог цунах 1аба ца доллу. К1елхьара яла хьох, Со некъаш леха ца йоллу. Хилийта мерзачу баланех ца йоллуш со, Висалахь сан дега йийсарехь даима хьо.