КЪОНАХА
Ма дукха хьийзи хьо дай баьхна латта,
Маршоне кхачорду хилламо бохуш,
К1ант валлац Даймехка сий хилла г1атта,
Наб кхетта вай дегнаш сама а дохуш.
Кхи довда, довла а меттиг а боцуш,
Къизалло ше буйна 1оьвшийча вай,
Бакъонтъехь ша хилар шеконехь доцуш
Хада ца дитийра, дахаран тай.
Мила а вацара синах дог диллал,
Деза дукъ тъе лаца реза хинверг,
Доьналам хьаха бац, хьен-хьена кхача,
Къонах бе ца хуьлу цуьнан хам беш.
Доьзал а, ше са а терзане дуьлуш,
Цо кхайкха ма дира Нохчочуьн ц1е,
Кхиа а даха а, вайна некъ буьлуш,
Дуьне а тоьшуьйтуш бакъ волчу шех.
Даймехка дуьха цо ше са д1а делла,
Лахийна, эшийна 1ожаллийн дохк,
Адамийн дегнашчохь вац изза велла,
Тоьшалла цхьаъ дукха хаз белла мохк.
Докхачу ни1мате кхаьчна вайн тахна,
Къонахчуьн некъ ларбеш къонаха го,
Халкъ дезар, мохк безар ду цуьнан бахьна,
Уьш мел бу гур ма дац, махкана во!!!
[☆TS☆]Тамила Сагаипова еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1