Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

U ∞ - Хеда Хамзатова - Долчу кхача | Текст песни

Ма хаза хийти суна хьо гина тахна
Са ц1е а йоккхуш ахьа соь де дика дина

Хьалхачул а х1инца суна г1аьхьчул хьоьх эхь хийтира
Г1иллакх хьоьхь даимна хилла олу хьоьга баркалла

Йиш елахь цхьажимма соьца латтахьа ас доьху хьоьга
Ма хаза хити хьо гина сих-сиха тхо долчу кхача

Дог кийрара са хьийзош са ойланаш вовшех хьерча
Къурдаша дош а сецош хьоьга хьоьжуш мотт са керча

Йиш елахь цхьажимма соьца латтахьа ас доьху хьоьга
Ма хаза хити хьо гина сих-сиха тхо долчу кхача

Са дагна ца лаьа кху дуьненахь доьхна диса
Доьлучу даге ладоьг1уш кху дуьненахь ехаш хета

Йиш елахь цхьажимма соьца латтахьа ас доьху хьоьга
Ма хаза хити хьо гина сих-сиха тхо долчу кхача

Дахаро чехош, елхош кху дуьненахь со хьизина
Са кийрара и жима дог дохо хьуна пурб ца делла

Йиш елахь цхьажимма соьца латтахьа ас доьху хьоьга
Ма хаза хити хьо гина сих-сиха тхо долчу кхача.

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2
Видео
Нет видео
-