Хилла безам сай биц а бина кхечира со хьоьца ирс лаха,
Хаздеш дахар сан ахь т1е ийци хьайга кхийдо некъ,
Дагахь дериг сан дийца хьоьга кхачор дуй техьа цкъа а сан,
Оццул еза хьо, сан дагна ма йелахь куралла.
Йог1у 1уьйренаш хьан доьхьа ас ларйора хьоьга хьоьжуш,
Йог1у суьйренаш ас ларйора хьо ган сатуьйсуш,
Даима хилалахь вай безамна йела йелла хьо,
Оццул еза хьо, хьоьца долу дахар ирсе ду.
Миччахь хиларх со, дог ду даима хьо йолче г1ерташ сан,
Герга йоьхуш хьо деттало дог кхехкош кийрахь ц1ий,
Хаза г1иллакхаш хазди ахь хьо марза йеш суна дагна сан,
Йог1у гуьйренца цхьана даха хаа деза вай.
Uvays Sharipov еще тексты
Другие названия этого текста
- Увайс Шарипов - Еза хьо (New) (0)
- Uvays Sharipov - Yeza Ho (New) (0)
- Хас - Еза Хьо (0)
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2