Схьакхета дашо малх сан доьхьа кхета те
Чубузу дашо малх сан доьхьа бузу те
Хьо винчу хьан нанас сан доьхьа вина те
Ма везавели хьо кийрарчу сан дагна
Яхаре диллича хьоьца бе яха-ц со
Везаре диллича хьо дукха ма веза
Даима б1аьргашна дуьхьал хьо лаьтта
Х1у де ас хьомениг баханчу безамна
Кхетачу малхаца маьлха нур ва къуьйсуш
Бузучу баттаца бетта нур ва къуьйсуш
Яхь йолчу к1енташна дикалла хестаеш
Хьо цхьаъ ву хьомениг сан даго хаьржинарг
Аза еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1