Ахь деллчу зьезаго кур къагийна,
Уьш хьоьстуш ларво ас хьо лерина,
Хьоьжу со зьезаге дагалоьцуш,
Ларво ас сай коре варе хьоьжуш.
Припев:
Ирсе ю, ирсе ю хьо вовзагна,
Сан ойла хьоьца ю хьо везагна.
Б1аьргийн нур хьуна сай делла,
Аса ирсе кхачор ву хьо,
Нур догуш кхетта малх санна,
Безамца къегар ю со.
Со йолчу вог1у хьо, вог1у сихлой,
Хьан ц1арах догу дог, догу сихлой,
Баркалла хьомениг соьх кхетарна,
Аьрхачу амална ахь гечдарна.
Припев:
Ирсе ю, ирсе ю хьо вовзагна,
Сан ойла хьоьца ю хьо везагна.
Б1аьргийн нур хьуна сай делла,
Аса ирсе кхачор ву хьо,
Нур догуш кхетта малх санна,
Безамца къегар ю со.
Б1аьргийн нур хьуна сай делла,
Аса ирсе кхачор ву хьо,
Нур догуш кхетта малх санна,
Безамца къегар ю со.
Айза Гамаева еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2