Гой шуна, доттаг1ий, вайн наной къанлуш бу денна,
Хебарша кхелинчу яххьаш т1е къоьжалла оьгу.
Х1ораннан вайн даг чу г1айг1ане сахьийзар деана,
Зама а сихъелла д1айоьду, некъ некъах тоьгуш.
Гой шуна, доттаг1ий, вайн наной къонлуш бу денна,
И нанойн дегнаш ду даккхийдеш кхуьучу к1ентех.
Х1ораммо техкийна ага а ца хилла-кх эрна,
Нахана дика дан к1ант хилча х1ора а ц1ен т1ехь.
Х1ора де - цхьа к1айн чо, х1ора де - цхьа хазахетар,
Вайн нанойн баккхийбер кортог а кхелина къега.
Гой шуна, доттаг1ий, наношна мел ч1ог1а оьшу
Хилар шаьш баккхибейш шайн к1ентийн дикане хоьжуш
Али Димаев (гр. ЗАМА / ZAMA) еще тексты
Видео
-
Али Димаев - ЗАМА
Клип «Зама» ... Али Димаев - ЗАМА. FREEMAN WORLD ... Группа Зама »» Зама, ма сиха йоьду хьо. - Duration ...
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 3