Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Али Димаев (гр. ЗАМА / ZAMA) - Т1еман къахь | Текст песни

Юха а т1еман къахь вайн махкахь г1аьтти,
Юха а гуш ма ю г1аланаш йогуш,
Оьгуш бу маьрша нах шокъалли кхетта,
Юха а наной бу к1енташна боьлхуш.

Массо а кийча ву къаръеш а харцо,
Т1ом бан а, вала а шен халкъан сийна,
Цхьаннан ницкъ кхочур бац вайх лай дан, дацо,
Хьоьшур яц мостаг1чо вайн бецаш сина.

Припев:
Дог1маш а нисдина, гуора ца оьгуш,
Г1ур ду вай доьхьала, мостаг1ий эшош,
Халонаш ловр а ю Даймехкан доьхьа,
Маьрша а дехар ду, девр а ду хелха.

Еха яц дуьнен чохь йоккху хан цхьаммо,-
Х1оранна лууш ду ирс долуш ваха.
Вай-м ца г1иртина цкъа нехан ц1ий 1ано,
Xlappa бен дуьнен чохь меттиг яц даха.

Припев:

Тахана вайн махкахь т1еман к1ур г1аьтти,
Юха а луьра герз Даймахкахь дуьйлу,
1ожаллин д1овш х1инца вайна т1е детта,
Баланехь хьийзаш бу вайн наной, боьлхуш.

Припев:

Али Димаев (гр. ЗАМА / ZAMA) еще тексты


Видео
Нет видео
-
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2