Юха а т1еман къахь вайн махкахь г1аьтти,
Юха а гуш ма ю г1аланаш йогуш,
Оьгуш бу маьрша нах шокъалли кхетта,
Юха а наной бу к1енташна боьлхуш.
Массо а гийча ву къаръеш а харцо,
Т1ом бан а, вала а шен халкъан сийна,
Цхьаннан ницкъ кхочур бац вайх лай дан, дацо,
Хьоьшур яц мостаг1чо вайн бецаш сина.
Припев:
Дог1маш а нисдина, гуора ца оьгуш,
Гур ду вай доьхьала, мостаг1ий эшош,
Халонаш ловр а ю Даймехкан доьхьа,
Маьрша а дехар ду, девр а ду хелха.
Еха яц дуьнен чохь йоккху хан цхьаммо,-
Х1оранна лууш ду ирс долуш ваха.
Вай-м ца г1иртина цкъа нехан ц1ий 1ано,
Xlappa бен дуьнен чохь меттиг яц даха.
Припев:
Тахана вайн махкахь т1еман к1ур г1аьтти,
Юха а луьра герз Даймахкахь дуьйлу,
1ожаллин д1овш х1инца вайна т1е детта,
Баланехь хьийзаш бу вайн наной, боьлхуш.
Али Димаев еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2