Ма дукха еза хьо нана
Жима йоккха хьо хиларх
Со цкъа а хир яц хьоьх 1аьбна
Уллехь ян генахь яхарх
Оьшу хьо дог эца хьаста
Д1адийца сайн дагахь дерг
Ма хала ду хьоьха къаста
Воккха хиллалц ц1а лаца
Припев:
Декъала хила хьо нана
Тахна санна даимана хаза лаьтташ
Хьан б1аьргаш дела ирсана
Дог дика хуьлда хьай доьзалца
Хьо могуш дукха ехаш (2 раза)
II.
Со-м хьуна ду даимна хьан бер
Хьо а ма ду хьай ненан бер
Цун а хьашташ кхочуш до денна
Могшалла лар йо цуьна
Вай керта хьаша-да вуссуш
Хьайн к1ад ялар ца гойтуш
Царна бовха кхача латтош
Йовр йоцу ц1е кхерчахь ягош (2 раза)
Припев:
Декъала хила хьо нана
Тахна санна даимана хаза лаьтташ
Хьан б1аьргаш дела ирсана
Дог дика хуьлда хьай доьзалца
Хьо могуш дукха ехаш (2 раза)
Аманта Бисултанова еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1