Са къона дахар ловзадеш Сох хьайна кхача бина ахь Безамах кийсикаш а еш Уьш лехьош некъ бойтуш бу ахь Асам сай ц1ийца яз йина Хьа ц1е ас заза юх-юхехь Хьа дуьхьа яла реза ю Ирсах со хьоьгуш хиларах
1уьйре йита т1елоцу ас Суьйре йита т1елоцу ас Хьох ца йолуш, хьомениг Дуьне дита т1елоцу ас
Ладог1а соьга хьомениг Хьа меха х1умма даций са Хьуна сай са а ца кхоош Цхьа къонах санна йо1 ю со Хьо ларва хоттал майра ю Оьшучохь орцах ера ю Ахь бахахь нагахь хьомениг Ахь бохург деш 1а реза ю
1уьйре йита т1елоцу ас Суьйре йита т1елоцу ас Хьох ца йолуш, хьомениг Дуьне дита т1елоцу ас
Яз бехьа кхоллам хьомениг И язба дагахь хьо велахь Хьо веза ала дош доцуш Ма яккха со хьайх йиш елахь Безаман хьал хьо хууш ву И бала 1ойшина со ю Нагахь цхьаъ хилла къастахь вай И ла де доцуш южур ю
1уьйре йита т1елоцу ас Суьйре йита т1елоцу ас Хьох ца йолуш, хьомениг Дуьне дита т1елоцу ас