Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Амина Ахмадова - Къонахий зама (M95) | Текст песни

I. Туьйранахь йийцанчу сихаллех таръелла
Йорт эцна йоьду хьо къонахийн зама.
Хьуна т1ехь идина сахаьдда, г1елъелла
Собар де, сих ма ло къонахийн зама.
Майралло дахчийна, къоман барт ч1аг1бина
Нохчийн сий айъинчу хьай денойн дуьхьа.
Тхо сийсаз довларах, лардала 1амарца
Собарде, сих ма ло, къонахийн зама.

II. Заманаш хийцалуш дуьхьал куьг тесина
Хьо ловзош баьхканачу, къонахийн дуьхьа.
Хьалкъашлахь яьккхина Нохчийн ц1е лар ялца
Собарде, сих ма ло, къонахийн зама.
Майралло дахчийна, къоман барт ч1аг1бина
Нохчийн сий айъинчу хьай денойн дуьхьа.
Тхо сийсаз довларах, лардала 1амарца
Собарде, сих ма ло, къонахийн зама.

III. Тхан яртийн дай хилла, лаьттанчу к1енташа
Даьккханчу сийлахьчу г1азотан дуьхьа.
Цхьа жимма тхо кхаьтта хьекъале дерзалца,
Собарде, сих ма ло, къонахийн зама.
Майралло дахчийна, къоман барт ч1аг1бина
Нохчийн сий айъинчу хьай денойн дуьхьа.
Тхо сийсаз довларах, лардала 1амарца
Собарде, сих ма ло, къонахийн зама.

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
    Нет видео
    -