Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Амина Ахмадова - Нохчий к1ант | Текст песни

Цхьа жима заманаш хьалха хьара санна дерг гур дара аьлча,
Тешара ма вацара цхьа а, массо а ша шена ваьлла,
Дуьненах дог дилла кийча, кханенга боцуш сатийсам,
Халкъ доьхна даьржина дисича, къонахчо сацабийр иза.

Нохчийн к1ант хьо мел ву тешна ду са,
Баланаш, г1айг1анаш гур ма дац цкъа а,
Нохчийн к1ант хьол сийлахь хир ма вац цхьа а,
Декъала хуьлийла ойланаш хьан.

Х1ора а адамийн маршо шен сил а еза ю бохуш,
Дуй биина махкахь и яржо вай синош яьхье а дог1уш,
Шен дуьхьа турпалхо велла, Даймехкан ц1е йоьйитур йоцуш,
Хьалха ваьлла турпалхо ваьлла къонахчун некъ буьтур боцуш.

Хьоьца ду дахаран беркат, комаьрша дог ц1ена ойла,
Х1ора а х1усаман терчохь барт хила лууш ву гойла,
Делчарна беркат вай махкахь, даржийна тахана хьо ваьлча,
Ма тешара вацара цхьа а хьара сандерг гур дара аьлча.

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 4
Популярное сейчас
Видео
    Нет видео
    -