Сан дагчу юьллуш и алу къегийра хьан б1аьргийн нур,
Ойлано юьйцура г1ала, гонаха зезагийн х1уш,
Дуьнена хьо вийзира суна, мотта а юьдура д1а,
Къайлаха йоьлхура хьуна, хьан сине дирзира са.
Харцонаш йожо со г1ертац, къарлур яц диканаш дан,
Соьца бу ахь белла тешам, кийча ю са д1а дала,
Шерашкахь кхиийна безам, г1еллур бац халонаш гарх,
Ахь дагчу биллина тешам лар бийр бу сайх т1улг хиларх.
Хили хьох сан б1аьргийн г1айг1а, сан ирс а, сан деган нур,
Хьо … схьа хьажи ма г1айре лаарах бекхаман суй,
Со юй те хьан б1аьргийн г1айг1а, со буй хьан безаман суй,
Сол хьоме х1умма дац алий ч1аг1о йеш баахьа дуй.
Аса Деле йоьху вай кхане, б1аьргех лежадеш хиш,
Вай безам новкъа бац цхьанне, Аллах1ан совг1ат ду и.
Амина Ахмадова еще тексты
Видео
-
Амина Ахмадова
Амина Ахмадова Сан деган алу mpg 2 mpg - Duration: 3:59. by ДайМохк ТВ 422 views. 3:59. Дала декъал войла хьо ...
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1