Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Амина Ахмадова - Хаза зезаг | Текст песни

Дуьнено, дахаро, адамаш довзуьйту,
Замано мил-милла шеца ца ловзуьйту.
Яхь ериг, диканиг, оьзданиг билгалъеш,
Адамна некъ гойту даха а 1амадеш.
Дикачу адамех хьо хилар гуш ма ду,
Хьан дахар хьан ойла адмаллехь юьзна ю
Оьздачу х1усаман к1ад ца луш доладан,
Хьо еъна дуьнен чу сий долу ц1е ларъян.
Припев :
Хьо тхан хаза зезаг ду,
Хьо тхан мерза безам бу,
Тхан ца хилча йиш йоцу,
Хьоме хаза Медни ю.
II.
Комаьрша адамаш билгала хуьлуш ду,
Къинхетам даимна дегнашца церан бу.
Иштачу адамийн мог1арехт хьо ма ю
Гергарло хьоьца дерг ирс долуш хир ма ву.
Бакъ волчу нохчочун х1усаман нана хьо
Иманех дуьззина дог кийрахь деттало.
Ехийла даимна дог хьоьстуш безамо
Тхайна хьо хиларна тахна тхо даккхий до.

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-