Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Амина Ахмадова - Хуьнама со езара ю | Текст песни

♥ХЬУНА-МА СО ЕЗАРА Ю♥

Цкъацкъа ахь олу соь даггара дийца,
Хадабе балхочу безаман мах.
Ткъа суна-м цахаьа маттаца бийца,
Ворх1 стигал хазйина схьакхетта малх.
Карор дац маттана бес-бесар дешнаш,
Исбаьхьчу б1аьстенна хьаьста дан куц.
Ерзалац дешнашца зар-зара эшарш,
Дицалац цкъа бен ца дуьцина куц.

И дерриг жим 1алам литтина ц1ийца,
Сан даго хьан даган т1е диллина т1ай.
Яхьац со дешнашца сайн безам бийца,
Хир ду уьш безаман дуккха а дай.
Хьуна ма моьттийла со дийна яхахь,
Хьо ваха вуьтур вац кху 1ежийн бешахь.
Лелар ву даггара белхабеш безам,
Хаалахь 1аж боцург кхин стоьмаш буй.

Хьуна-м со езар ю,хаза а хеташ,
Тохало схьахьаьжча кийрара дог.
Хьайн хазчу б1аьргашца хьо соьга хьоьжуш,хаалахь хьомениг ас муха лов...
Схьавала ма г1ерта,цу 1ежийн бешахь
Ас дуьллур ду хьуна и дашо т1ай.
Дийца ма дуьйцур ду,баха ма бохур ду,
Амма со ма ю-кха хьан деган лай!

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Популярное сейчас
Видео
Нет видео
-