Ас хьуна геч дина, ахь дашца йина чов, Б1аьрхиш ахь кхачийна, сан даге детта ов, Ахь суна йовзийта ца лало и хораш, Х1етте а сан ойла хьоьх ца хеда буха юьйлуш.
Ахь со лехнера, карийча сай безам хьо бен ца везнера, Безамо эшийна цхьалха дог дагийна, Ас хьо лехнера, бакъ дериг цхаъ ду сан, Сан ирсан некъ бу хьо, ахь со лехнера, ас хьо лехнера, Ши седа стиглара – хьо ву и со ю, ши седа стиглара.
Ма мотта атта ду везашехь вита хьо, Безам хьоьх кхачийна хан яьлчи ца гуш хьо, Хьо волче боьду некъ лоьху ас тил йелла, Ма мотта вай къастарх хьо суна вицвелла.