Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Анзор Бакаев - Йовр йоцу ц1е (сл.и музыка Ахмеда Эльдерханова) | Текст песни

Pesni.guru - сайт для Гуру

Шийла доьлху догIа тховса,
Хьийза во со безамо.
Хьол хьоме сан дац-кх хIума,
Сан йиш яц дог дохо хьан.

Йовр йоцу цIе ахь лати сох,
Сагатда виси-те даима со?
Уггар хьоме хьан дуй хаьа
Эдельвейс цIе йолу ирсе зезаг.

Йогу беснеш, алу санна,
Дицлур дац хьан гIиллакх цкъа.
Де хир ду цкъа вайша хасто.
Со хир вац цкъа а хийра хьуна.

Кхетар юй-те хьо сан иллех,
Мел чIогIа лору ас хьо?
Эрна ду-те сан сатийсар,
Йа воккха хилла-те со?

Йовр йоцу цIе ахь лати сох,
Сагатда виси-те, даима со?
Уггар хьоме хьан дуй хьаьа
Эдельвейс цIе йолу ирсе зезаг.


Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 3
Видео
Нет видео
-