Теркаца суьйре ю хаза еана,
Жима к1ант хи йисте йо1 га веана,
Безамо ше кийра ц1е латийна.
Исбаьхьчу аматах лаам хьегош,
Лаьтта йо1 мела хи б1аьргех 1енош,
Шен даго хьулдинарг к1антах леч1къош.
Эсала, ховха дог доьхна дайна,
Вистхили жима к1ант синтем байна.
Ала, йо1, х1у бала хьоьга кхаьчна?
Бала бу сан коьртехь доза доцуш,
Сан наха хьо везар дита бохуш,
Сан кхоллам кхечунца бовзар лоьхуш.
Тахана са готта ма хьиза х1ай,
Кхолламан дай хила хьакъ деца вай ,
Ширачу 1адат да ма хилалахь
Дай хаза г1иллакх ду вайх нах динарг,
Харц эшо нийсона некъ 1амийнарг .
Хьо соьца д1ай ола ас лиринаг.
Къоналлийн ирс доло дешнаш хезна,
Хьомсарчу безамца дахар дезна,
Т1е тайра хаза й о1 б1аьр хиш лекъна.
К1ента куьг кхетаза куьг схьалецна,
Х1усаме боьду некъ юхьар лаьцна,
Акхтаргийн 1индаг1ехь уьш д1абайра.
Ансамбль "Азнак" еще тексты
Другие названия этого текста
- Хизир Ульбиев - Теркаца суьйре (0)
- Ансамбль Азнак - Теркаца суьйре (0)
- Шарип Умханов - Теркаца суьйре (0)
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2