Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Апти Бисултанов - ДегIаста | Текст песни

Юха а ярташ т1ехь сенлуш ду к1арраш
Юха а ц1инлуш ду ламанийн карраш
Дег1аста Дег1аста хьох дагайолуш
Хетарехь, юха а б1аьсте ю йолуш

Далла хьо езарна билгало юй те
Делан мас-маликийн орца и дуй-те
Цкъа а ца хиллачу кепара мерцаш
Сел серлаюьйлу хьан маршонан херцарш

Сан цхьа ког кошахь ву важа хьан лаьттахь
Шахидийн ц1ийх заза доккхучу лаьттахь
Дег1аста Дег1аста со а ву дийна
Дийнаберш беллачех хьоьгучу дийнахь

Дагна т1е дог дуьллий хьоьга ладоьг1уш
Дашна т1е дош уьллий хьо Деле йоьхуш
Хьох дина до1а ду сан некъийн хазна
Къеначу сан ненан хьох йолу назма

Сан кхиндерг дацара лардан я дайа
Весете дилла я байракхах айа
Дуьненчу волуш цкъа гина хьан бос бен
Мотт 1емаш дуьххьара хьох аьлла дош бен

Хьох ведда д1авоьдуш ведда ц1а вог1уш
Дуьненан г1айг1анаш ахь серлайохуш
Сайн эрна кхерстар а хетара хьанал
Маьрша цхьа к1ур болуш хьо хилчахьана

Тийналлин к1оргенехь аьрцанийн к1ожехь
Маьрк1аже т1ейог1уш назманан озехь
Къорачу кхокханан г1айг1анехь нанас
Некъе ладоьг1уш цхьа юьрт хилчахьана

Ткъа тахна леташ верг летта д1аволуш
Ида мел луучун идда садолуш
Хьан Са1ди-к1отарахь хьан х1ора эвлахь
Йогуш ю Дади-юрт Девкара-эвла

Дийначун х1усам яц веллачун каш а
К1езга ду къанойн дош хьан къонойн даш а
Ког ловза меттиг бац букъ тоха берд а
Мостаг1а хьан оьзда х1у дайа г1ерта

Хьан латта даьккхина кхерсташ ю алу
Хьан стигал яьккхина 1ожаллин талу
Амма хьо хазлуш ю 1ийданехь санна
Хьайн г1азот дуьненна д1агайта санна

Ткъа х1инца х1ун ала ас хьох а сайх а
Хьо ларъеш оьгучу маршонан дайх а
Дег1аста Дег1аста 1аьмаран Заза
Со цкъа а гина вац хьо ишта хаза...

Апти Бисултанов еще тексты


Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 5
Видео
  • Бисултанов Апти "Дегlаста..." Бисултанов Апти "Дегlаста..."
    ДЕГIАСТА ДегIаста, ДегIаста, Азаллехь дуьйна хьо хIаллакьян гIертачу Къизачу ницкъанна юьхь-дуьхьал лаьтташ Баккъашца хьан ...