Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Арби Гермчера - Хатимун Вели Киши воI Хьажи лацар | Текст песни

1.
И Хатимун Вели, Кишин во1 Хьажи, лаьцна вигинчу дийнахь.
Махкашлахь д1ахезира, и майра к1ентий шаьш кечбелира.
И Лечи хьалха берчехь ва волуш,
И дашна маттана, говзу ву аьлла.

2.
Гонаха берш сихонца лихьбина
Ва шаьш сиха вовшех ма кхийтира,
Вай махкачура сийдолу к1ентий,
Цу Хьалхар-Мартан ва ара
Шаьш ч1ог1у ч1аг1о йира
Шай ц1ента бух ца берза
И вай Хьажи шаьш ваккханза
Цу мостаг1ийн карара.

3.
Дала шена беллачу ницкъанца, т1емашца лелаш долу олхазур даха ца луш,
Цу 1аничу шийлачу ч1ог1учу дийнахь
Ма йолху говраш , лаьхкира цара , цу 1ошкур ва ара.
Эскаро го лаьцна, и вай Хьажи юккъехь ва волуш,
Бахана т1е кхечира и майра ва к1ентий.

4.
Къамел сихи долийра цара, цу марзо Полковнике:
- « Ва марзо Полковник, т1охули чухули ши чо а дуьйхина
Наь1ара мача туьйдина, кхакхана куй тиллина,
Лаге дечига хьостам боьллина.
Кху 1аничу шийличу ч1ог1учу дийнахь,
Хьоьги, хьан эскаре, х1ара г1ийли миски стаг шелла вайтар, хьени бехк бу-техьа».
- «Шу шай нах ма бу-кха, х1ара шен доьзулах ваьккхинарш,
Дин дохош мах бина –ва Зулум да ву аьлла.

5.
Кху Киши во1ана Хьажина диттина меттинаш,
Ворх1 пачхьалкх стоьла т1е ма кхечира, пачахье г1опе ма кхечира.
Адам 1ихийна тилийна ма вели, х1ара миски стаг, шу шай наха ма боху.
И Билалай ва молла, шун коьрте 1елам нах,
Куьйг яздина ма бойли, Хьажи шен махкаха д1аваккха.
(Хьажи шен доьзулух д1аваккха)

6.
Паччахьашна, паччахьалаш делла - Хьакимашна хьакималлаш делла,
Шу дузийна дарстийна дуьйхина д1ахецна.
Х1ара дуьне шуна ма луъу, шуьга ловза дойтуш волу,
Бакъдериг бен ца лелачу дийнахь, вай лоцур долуш волу,
И вай Вези волу Сийлахь волу Дела вар-кха ва марзо полковник.
Хьуна гуш волчу, кху г1илайчу мискано – хьехавериг.
Ладуг1уш хилахьа, х1окхула г1ийли миски хир ма вац,
Х1ара х1унда лецир ахь – во, Зулум да ву аьлла.

7.
К1орагачу тоьли чохь чармат т1ехь, шен туьхци межирг бууш,
Буьйсанна адамана новкъа воцчу хенахь, сахуьлунга вуьйлуш,
Шен г1ийла Деле кхойкхуш воьлхуш,
Нахана доькъуш кхаьчначу, лаьтта т1ера д1авийла г1ерташ, хьанни хотешка вуьйлуш.
Коьлли орумашка хьажки буьртигиш туьйсуш, цу рицкъийца шен доьзал рицкъи кхачо ян г1ерташ,
Хьуна ма гарра, цхьа г1ийли миски, вара х1ара ма.
Цуьна дег1и т1ехь ва боцу, жижгихи ва хьаса,
Х1ара х1унда леци ахь – во, Зулум да ву аьлла.

8.
- «Шуьги дийца х1ума дац шен, шу шеги бакълерна,
Юьхь1аьржи ма хоьтти-кха ша, шуна ва хьалха, ша биначу харц некъана аьлла.
Х1инца ша х1ара д1ахецчи, бехкаха валийтиша ша аьлла.
Т1евахана куьйгаш д1адаьстина, шен куьйгашци цуьн куьйгаш дохдеш.
Мара воьллина меле ледара хилла, ша воьлхуш цу марзо полковнико,
И Хатимун Вели, Кишин во1 Хьажи, маьрши ваьккхира.
Хьажи маьрши ваьккхина, шайци цхьани ва волуш.
Алхьамдулиллах1, 1аллаллах1-1улиллах1 бохучу доккхучу зикранца.
И Хатимун Вели, Кишин во1 Хьажи, шайци цхьани ва волуш,
Дала а, Пайхамара а устаза шайна дика дина и майра к1енти, йоккхачу юьхь къомаца, шаьш ц1ехьа ма бирзи.

Хьан дуьхьи елхи ша ма, хьан дуьхьи елхи ша ма,
Яра нана-дег1аста хьан дуьхьи елхи ша ма,
Во - хьан дуьхьи велхи ша ма,

Хьан дуьхьи елхи ша ма, хьан дуьхьи елхи ша ма,
Дада Киши Везан Дела, хьан дуьхьи елхи ша ма,
Во - хьан дуьхьи елхи ша ма,

Хьан дуьхьи елхи ша ма, хьан дуьхьи елхи ша ма,
Баба Хеда, Везан Дела, хьан дуьхьи елхи ша ма,
Во -Хьан дуьхьи елхи ша ма,

Хьан дуьхьи елхи ша ма, хьан дуьхьи елхи ша ма,
Ваша Мовсар Везан Дела, хьан дуьхьи елхи ша ма,

Хьан дуьхьи елхи ша ма, хьан дуьхьи елхи ша ма,
Йиша Хьапта Везан Дела, хьан дуьхьи елхи ша ма,
Во - Хьан дуьхьи елхи ша ма,

Ла́ Ила́х1а иллаллах1у – Тахана дуьненна, кхана дог1ур долчу,
Цу халачу къимата денна. И Хатимун Вели, Кишин во1 Хьажи, ваийтарна – вовзийтарна - везийтарна – хьажийтарна - къобул вайтарна, оцунна т1аьхьа дазийтарна – Мухьаммадар-Росу́лулла́х1

Аллах1у Акбар


Арби Гермчера еще тексты


Видео
Нет видео
-
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1