Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Арби Гермчера - Хьажи а, Мовсар а. | Текст песни

Хьажи а Мовсар а.

1.
Ва Хьажи, хьай кегий баккхий муридаш, хьайна г1ийла гонахьа хьийзаш,
Х1окху Нана-дег1астанах вай Хьажи волучу дийнахь,
Во, - Хьо духа х1унда ца дуьйхира, т1аьхьло йоцу хьо дуьне.

2.
Во, волалохь ва, шен ваша Мовсар!
Йитанза ца йолу х1ара нана-дег1аста,
Валанза ца волу вайшиъ Эртана коьртаха,
Валанза ца волу вайшиъ, вай кегийрчу - баккхийчу муридеха,
Во, ваханза ца ваьлла х1ара нана-дег1аста йитина воьдуш ву хьуна бохуш,
Ва Хьажи, Мовсар ма гонаха хьийзаш,
Х1ара нана-дег1аста йоьлхуш йоьхна хьийзачу доккхачу дийнахь,
Хьо духа х1унда ца дуьйхира, ва доьхна хьо дуьне.

3.
Во, Хьажи ва, шен г1ийла миска ваша Хьажи!
Чухула, т1оьхула мача ши чо а дуьйхина, юкъаха дечиган хьостум боьллина, кога йоьхьар наьIар ши мача туьдина.
Х1ара дуьне ца лоьхуш И Дела, Пайхамар ма дукха хьехийнира ахь,
Х1ара нана-дег1аста йити ма г1о хьо бохуш,
Эртана коьрта бити ма г1о Хьажи бохуш,
Оцу Г1айракха ва коьрта г1ийла т1аьхьа хьоьжуш битина ваха воллу-кха хьо бохуш,
Х1ара йоьхна ойланаш х1окху нана-дег1астане яйта волу-кха хьо бохуш,
Ва ваша Мовсар, Хьажина гонахьа хьийзинчу дийнахь,
Во, хьо духа х1унда ца дуьйхира, ва доьхна хьо дуьне.

4.
Во, Дела рези хилда-кха хьуна, шен г1ийли миски ваша Мовсар!
Ша бахьана долуш, дуьнена баланаш дукха лайнера ахьа ма,
Ша бахьана долуш, суьйренашца чуверзар доцуш,
Хьайн кийра бузийна хьо парг1ат ваьлла воцуш,
Ша бахьана долуш, ахь лайначу балина шена къинт1ера валахьа шен ваша Мовсар,
Во, йитанза ца яьлла х1ара нана-дег1аста йита волли ша ма ва, шен ваша Мовсар.

5.
Во, Хьажи ва, шен г1ийла миска ваша Хьажи!
Ахьа ма хьо, Дала Ша, шен Вели вина ваийтина ву ма бахара,
Дала шена герга кхайкхина, Делаца хьо къамеле вуьйлуш,
Делан Сийлахь Элчанца хьо къамеле вуьйлуш,
1уьйренаш-суьйренаш Дала вайга елла,
Дала Ша, Шен Вели вина,
Вай Элчанна вараз вина,
1аламна устаз вина, Авлияи баьчча вина,
Дала Ша, Аввал-Ахир хьан ю хьуна аьлла,
Шена кара-мара ши мохь хьарчийна,
Халкъана кечвина ваийтина хьан г1ийла ваша ву хьуна Мовсар,
Во, Мовсар ва, шен ваша Мовсар,
Оцу вай Деле до1ина, куьйг лаьцчи-ма,
«Хьайн Сийлаллий дуьхьи ва Везан Дела, Хьан Возаллий дуьхьи ва Воккха Эла»
И Хьан сийна стигланаш айдина куьйг кхоччи ма ахьа, дехкийта аьлла вай Деле до1ина куьг лаьцчи-ма,
Оцу Везачу вай Дала Ша, айдина куьг кхоччушехьа, и сийна стигланаш охьайоьхкуьйтур яра-кха хьуна ва, шен ваша Мовсар.

6.
Во, Мовсар ва, шен ваша Мовсар!
И кхана дог1ур ду бохуш долу къемата де,
Оцу кханенга ца хьежош тахана хоьттийта Ахь, аьлла вай Деле дехчи ма,
И кхана дог1ун долу къемата де, тахана хоттуьйтур дара-кха хьуна
шен ваша Мовсар,
Во, Дала Ша азаллехь беллачу балина реза хилла,
Дала Шена гергахь б1е эзар, ткъа эзар виъ эзар виъ б1е пайхамар авлияи синош кхайкхир хьуна,
Дала Шена гергара цхьа к1еззиг бала гучубаьккхинчу дийнахь,
Оцу Дала а Делан Пайхамара гучубаьккхина бала, ша х1еттехь т1еэцна ву хьуна, шен ваша Мовсар,
Оцу вай Делан кхэлана реза хилла ваханза ца ваьлла воьдуш ву хьуна бохуш,
Ва Хьажи хьалха ваьлла, ваша Мовсар т1аьхьах1оьттина,
Яра нана-дег1аста мел ледара хилла г1ийла т1аьхьа йоьлхуш,
Х1окху нана-дег1астанах букъ тоьхна, вола велира бахара, Дала къайле тояриг.

7.
Во, ва вай Хьажи вуьйцуш,
Оцу генарчу пана махка кхаьчначу хенахь,
Цхьа боккхачу сийначу х1урда йистехь, г1елвелла г1ийла миска охьахиъна,
Ва шен ваша Хьажи, тахана лерачу дийнахь, куьйга-корта лаьцна, ахь х1ара г1ийла ойланаш йичи, шен дог хьаста мила ву те-хьа,
Оцу Нана-дег1астанах, Эртана коьртаха, муридех, доьзулах волуш ма ца йира-кха ахь Хьажи, х1ара г1ийла ойланаш,
Тахана лерачу дийнахь, ахь х1ара г1ийла ойланаш, шен дог хьаста мила ву те-хьа, ша х1ун лелор те-хьа,
Х1ун хилла долу те-хьа бохуш, воьлхуш воьхна ва ваша Мовсар,
Хьажина гонахьа хаьвзина де ма доккха де хилла-кха.
Во, ва Везан Дела, ва Воккху Эла, тхан г1ийли во1, миски во1, Киши во1, Хьажи вуха, лохьа тхуна.

8.


Арби Гермчера еще тексты


Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-