Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Арби Гермчера - Хьажи ва тхан Хьажи! | Текст песни

1. Хьажи, ва тхан Хьажи,
Лекхачу Эртана коьрта тIе вахана, гIийлачу ойланца.
Ва, битаза ца болу хьо бохуш, - дог делхош, бIаьргаш белхош, ва Хьажи, хьо волавелчи.
Во - И Делан сийна стигланаш, ва Хьажи, хьан къина йилхинера-кха.
ХIинца ма и вуха дегIастанчу воьхуш, елха мегар дацар-техьа, хIай Везан Дела.

2. Хьажи, ва тхан Хьажи,
ГIайракха коьрта тIе вахана, Элчанна уммат вай Деле доьхуш,
Ва, къастанза ца дойли вай бохуш, - дог делхош, бIаьргаш белхош, ва Хьажи, хьо волавелчи.
Во - Оцу Делан сийна стиглара маликаш, ва Хьажи, хьан къина дилхинера-кха.
ХIинца ма и вуха дегIастанчу воьхуш, делха мегар дацар те-хьа, хIай Везан Дела.

3. Хьажи, ва тхан дика Хьажи,
Шерачу аренашкахь хьажна, лекхачу ламанах бIаьрг тоьхна, ца езаш ца юьту хьо, ва нана-дегIаста бохуш,
- дог делхош, бIаьргаш белхош, ва Хьажи, хьо волавелчи.
Во - И Делан Iаьржа латтанаш, ва Хьажи, хьан къина дилхинера-кха.
ХIинца ма и вуха дегIастанчу воьхуш, делха мегар дацар-техьа, хIай Везан Дела.

4. Хьажи, ва тхан Хьажи,
Хьо махкаха ваьлла хан-зама яьллачу хенахь,
Хьайн доьзалах бIаьрг тоха цу Хункар махка хьо вухо вирзинчу хенахь,
Делах а, Дела Элчанах а хьайн доьзална хьо мила ву хаийта бехк хетта,
Кхечу куце ваьлла, кхечу басе вирзина, гIийли миски стаг хилла, хIоранни шайн неIар тIе хIуьттуш шен гIийли хIума юуш, хьайн гIийлачу доьзалах гIийли бIаьрг бетташ.
Цу пана Хункара махкахь, ва Хьажи, хьо волавелчи.
Во - И Делан сийна стигланаш, ва и Делан Iаьржа латтанаш, ва Хьажи, хьан къина дилхинера-кха.
ХIинца ма и вуха ДегIастанчу воьхуш, делха мегар дацара те-хьа, хIай Везан Дела.

5. Во - Керистано вен лаца хьовзийна, Делан Элча, Медине воьдуш,
Элчанна тIаьхьа болабелла Iарп лам санна.
Во - Лекха Эрта, Хьажи махкаха волучу дийнахь, Хьажина тIаьхьа хIунда ца болабелар техь хьо ва?,
Во - Цу керистана - мунепикъан нехан дог-ойла хийцаелла, Хьажи дегIастанахь вуьсур вара.
Во - Маца болабала, Iийна хилла-техьа хьо ва, хIай Лекха Эрта?..

6. Иласхана Юртахь, воккха дада Киши вериг
Лекхачу Эртанахь, йоккха баба Хеди ериг
Во - Делан кхоьлана реза хилла, дуьненан балина юкъ йихкина, къайла ваьлла вахана лелаш вериг
Дела реза хилда хьуна.

7. Во - екхначу суьйранна дIабуьза боьду нур дашо малх санна, хIара Нана-ДегIаста кхоьлина
Хьайн баккхийри, кегийри муридаш, доьзалаш хьайна тIаьхьа белхабеш, къайла ваьлла вахана лелаш вериг,
Дала хьайна пурба делла, хьо лелачу махкахь, буьйса декъала йойла.

«ЛаилахIа иллаллахIу
Во - Тхо кхоьллина, тхо кхобуш, тхо хьайга дерзош волу Эли, Эсетан дадига тхан долу дайтахьа.

«ЛаилахIа иллаллахIу Мухьаммадар-росулуллахI».

Арби Гермчера еще тексты


Видео
Нет видео
-
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1