I. Ас ечу ойланех хьерчаш,
Шийла мох кхин лах ца ло.
Сингаттам бу ц1ера кхерчахь,
Ас хьуна мел са гат до.
Хиларах генахь го г1енахь,
Даима хьан ойла йо.
Хьо ларвеш йоьдучу хенахь,
Цхьа а чам хаа ца ло.
Припев :
Безаман ц1е хьо бахьнехь йогуш ма ю,
Кийрара дог хьан доьхьа догуш ма ду.
Хьоьгара бен цо лоьхуш дарба ма дац,
Кхетахьа хьо вайн къаста йиш ма яц.
II. Хир ю со хьан деган аг1о,
Лардийр ду хьан х1ора дош.
Еш хьуна сайн сица ч1аг1о,
Тешамна кховдадеш дог.
Хьиэ ца луш верзахьа ц1ехьа,
Ма йита байлахьа со.
Къинхетам сан дагах бехьа,
Цо даим хьеха во хьо.
Асет Абубакарова еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1