Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Асет Абубакарова - Вайшин безам (New 2015) [exclusive M95] | Текст песни

Pesni.guru - сайт для Гуру

I. Мацах цкъа велалуш хьо соьга хьажар
Боккхачу бахамал деза дара
Лаъмаза аьллехь а цхьа дош ахь алар
Иза сайн ирс хеташ ехаш яра

Припев :
Ахь хьайна ирс лахар - ч1ир эцар лоруш
Дош сайна къоьвлина ца еш кхин вас
Хьо ирсе хилийта, сайн ирс д1а делла
Со йицъян хьуна некъ лурбара ас
Хьуна некъ лур бара ас

II. Аьрха дош ва аьлла хьан дог ца дохо
Шога т1улг сайх хиларх юхур яц со
Самукъа хьан лардан сайн ирс а дохош
Сайн синах парг1ата вуьтур ву хьо

Припев :
Цхьа минот дуьненчохь сайн дуьхьа йоцуш
Еккъа хьан ирсана яьхна яра
Ма бохху ца хиллехь вайшинан безам
Ледарло сайх хиларх бакъ дийр дара
Ледарло сайх хилар бакъ дийр дара

III. Кхарда ма кхардалахь со атта хетий
Безаман сий дарна са туьйхи ас
Сайн хазчу ойланийн сий - пусар дарна
Ца лии хьан дагна хилийта вас

Припев :
Дахар а нисделла хьо ваха хиъча
Хаалахь сан до1а къобал хиллий
И дара ас дехнарг х1инца хьо ваха
Хиллачу безамах чов а хилий
Безамах чов а хилий


Другие названия этого текста
  • Асет Абубакарова - Вайшин безам (New 2015) [exclusive M95] (0)
  • Асет Абубакарова - Вайшин безам (0)
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
    Нет видео
    -