Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Асет и Хеда - Деган доттаг1 | Текст песни

Лалор дуй соьга бода х1оттахь, дог дуьйлур дац диканах,
Уллехь мел ву дика доттаг1, и бу дагна кхетта малх.
Хазахетар а хилча, халахетар а хилча сатуьйсу хьо кхачаре,
Дешнаш хьо гуш дарбане,
Ирс хилла хьо вовзар, хьан г1иллакхаш довзар,
Сирла хуьлда хьоранне деган доттаг1 тешаме.
Кху дуьненчохь цхьа а х1ума доттаг1чуьнга кхочуш дац,
Волу и орцах суна хьийза доьлча шийла дарц.
Хазахетар а хилча, халахетар а хилча сатуьйсу хьо кхачаре,
Дешнаш хьо гуш дарбане,
Ирс хилла хьо вовзар, хьан г1иллакхаш довзар,
Сирла хуьлда хьоранне деган доттаг1 тешаме.
Сан ирс хир дац лаьттахь готта, даьржаш хир ду дахар сан,
Уллехь мел ву деган доттаг1 парг1ат хир ду мерза са.
Хазахетар а хилча, халахетар а хилча сатуьйсу хьо кхачаре,
Дешнаш хьо гуш дарбане,
Ирс хилла хьо вовзар, хьан г1иллакхаш довзар,
Сирла хуьлда хьоранне деган доттаг1 тешаме.

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2
Популярное сейчас
Видео
    Нет видео
    -