Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Ася Абубакарова - сан ойланехь | Текст песни

Pesni.guru - сайт для Гуру

Висахьа сан ойланехь

Висахьа сан ойланехь,
Волахьа цкъа мукъна г1енах,
Тохахьа меллаша не1,
Наб йохош хан йоцчу хенахь.

Генахьа ма сеца хьо,
Дийцахьа, хьо муха веха?
Сан дахар..?Д1аеха-кх со,
Ца яьхча йолий со, пекъар.

Хьо мелла а г1айг1ане го,
Ахь стенна йо техьа ойла?
Сан ирсах ма хьега хьо,
Хьан ирсах со хьегайойла.

1индаг1ехь хьан 1индаг1 го,
Кхин суна х1ума-м ца дисна…
Ткъа корехь – хеназа ло…
Сайн цхьаллехь со цхьалха йисна.

Вист а ма ца хуьлу хьо,
Я х1умма дац соьга ала?
Ца лаахь, ца оьшу…Сох
Кхин хир бац хьан дагна бала.

Д1авоьдуш, ма къовлахьа не1,
Дитахьа са хьайга тийса.
Висахьа сан ойланехь,
Сел ч1ог1а хьо оьшуш хилча…


Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
    Нет видео
    -