Хьан къайле тайойла ва Хьажи вай Дала
1
Азаллехь вай Делан кхэл ша сецна яьлла,
Вай Элчи ваьккхира ша винчу Маккехьа.
Иштта хьо винчу махкаха вели хьо,
Хьан къайле тайойла ва Хьажи вай Дала.
2
Дуьнена балано везарах ваьккхира хьо
Замана гIайгIано доьзалах ваьккхира хьо
Iесачу тобано муридеха ваьккхира хьо
Хьан къайле тайойла ва Хьажи вай Дала.
3
Яра дуьне дIатессина ма гIийла лийлира хьо
Даарах духарах бахамах велира хьо
Миски нах схьалаьцна махкаха велира хьо
Хьан къайле тайойла ва Хьажи вай Дала.
4
Малийкийн тобанца Iаршан го ловзира ахь
Муридийн тобанца эртана ловзира ахь
ГIайракха цу коьрте тхо Деле дийхира ахь
Хьан къайле тайойла ва Хьажи вай Дала.
Iесачу цу нахе тIедерзийша бохуш.
ХIара деза къадари дIалацийша бохуш.
Къадарий ловзор вай шовкъанций, ва бохуш.
Йиш етташ лийлира хьо Эсетан Дада.
Кху Делан мулкан тIехьа йиш етташ лийлира хьо Эсетан Дада.
Ахь хьай гIийлачу доьзалах ваьккхинчу нахана.
И хьан гIийли доьзалаш хьуна тIаьхьа белхинчу нахана.
Кхана догIур долчу къемата цу дийнахь,
Ма нийси кхэл йир ю, Алхьамду лиллахI.
Ма байтамал бохур ду, Алхьамду лиллахI
Ахьмад - Iалхан-гIалара
Ахьмад (Iалхан-гIалара) еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2