Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Баккхийри муридаш - Хьайн лахьта ларделахь, я ибну Адам. | Текст песни

Дуьнено цхьана дийнахь ниIматца велаво,
Марзонаш сайохуш, Iехавеш лелаво.
ШозлагIа, схьалоций, балица хьийзаво,
Собарах хьо воьхча, халкъалахь сийсазво.

Цхьан шаро велийча, итт шаро велхаво,
Хиларо Iехийча, хадаро хьегаво.
Хьан велар,хьан велхар хийцалуш ду хьуна,
Де-буьйса ва санна, хьо ларлуш хилалахь.

Масане да ву-кха хиларо Iехийна,
ШозлагIа цул тIаьхьа валаро хадийна.
Валар ду массарна, къен-миска вуьтур вац,
Даьхнин да ву аьлла, Iожалло вуьтур вац.

Бакъонца хьан бахам каш-лахьта бу хьуна,
Хьан нуьре меженаш яхкалур ю хьуна,
Лахьти чохь хьо цхьалха хьуо вуьсур ву хьуна,
Хьайн лахьта ларделахь, я ибну Адам.

Готтачу лахьти чу хьо вуьллур ву хьуна,
Барт хоттучу Маликаша, барт хоттур бу хьоьга,
Хьан дегIан меженаш тIекхойкхур ю хьуна,
Хьайн лахьта ларделахь, я ибну Адам.

Хьайн динца йоцуриг дуьхьало йац хьуна,
Iамалца йоцуриг тIаьхьало яц хьуна,
Эхартахь йоцуриг паргIато йац хьуна,
Хьайн лахьта ларделахь, я ибну Адам.

Къемат де бохуриг докхха де ду хьуна,
Дас, нанас доьзало чIир оьцур ю хьуна,
Пайхамарша шай догIмаш шаьш доьхур ду хьуна,
Хьайн лахьта ларделахь, я ибну Адам.

БIаьргеха, лергаха барт хоттур бу хьоьга,
Когеха, куьгеха барт хоттур бу хьоьга,
Кийрарчу хьан дагах барт хоттур бу хьоьга,
Хьайн лахьта ларделахь, я ибну Адам.

Доьзалха, даьхниха барт хоттур бу хьоьга,
Дерриг а ниIматаш Хьоь хоттур ду хьуна,
Хьоь хаттаза цхьа а дош дуьсур дац хьуна,
Хьайн лахьта ларделахь, я ибну Адам.

Кхайкхарах орцахо карора вац хьуна,
Ахь йина Iамал бен, накъост хир вац хьуна,
Хьайн Делан омарца Iамал еш хилалахь,
Хьайн лахьта ларделахь, я ибну Адам.

Дуьнен чохь хьан денош дагардеш ду хьуна,
Совнаха де даккха йиш йоцуш ду хьуна,
Iамал еш даьккхинарг деза де ду хьуна,
Хьайн лахьта ларделахь, я ибну Адам.

СадаIар дагар деш маликаш ду хьуна,
И кхачина даьлча, хьо кхелхар ву хьуна,
Ахь йина ойланаш кIелъюьсур ю хьуна,
Хьайн лахьта ларделахь, я ибну Адам.

Массеран ва эла вайн Элча ву хьуна,
Шен дуьхьа дерриг халкъ кхоьллина ву хьуна,
Жабраилан маттаца Къуръан схьахьедеш,
Къуръано го бина веъна ву хьуна.

Къуръанан могIанаш шен дагахь шарбина,
Къуръанан гIиллакхаш дерриш схьалаьцна.
Бакъонца веа хьо, сийдолу ва Элча,
Марша ва, марша ва, ва сийлахь Элча!

Баккхийри муридаш еще тексты


Видео
Нет видео
-
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1