Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Бирлант Рамзаева - Cай Долу Нохчо | Текст песни

Нена мохк йовсарша бухкучу дийнахь,
К1иллой шай къамелах бухучу дийнахь,
Лай хила реза берш лай хуьлчу дийнахь,
Борз хилла г1аьтти хьо яхь йолу нохчо!

Мостаг1чо вайн латта хьоьшучу дийнахь,
Вай наной, йижарий, боьлхучу дийнахь,
Г1азоте къонахи кхойкхучу дийнахь,
Борз хилла г1аьтти хьо къонаха нохчо!

Алонехь г1аланаш йогучу дийнахь,
Ярташкахь кхолламаш дебочу дийнахь,
Къизалло къома дог шелдинчу дийнахь,
Борз хилла г1аьтти хьо турпала нохчо!

Бо берий аьзнаша кхойкхучу дийнахь.
Балано вай лаьмнаш кхоьлинчу дийнахь,
Тезетехь нана мохк боьлхучу дийнахь,
Борз хилла г1аьтти хьо сий Долу нохчо!

Къемат де хоьттича хьо винчу махка,
Чов хилла 1авжамо багийча кийра,
Буьрсачу къийсамехь чаг1алкxаш аьтта,
Борз хилла г1аьтти хьо сий Долу нохчо!

Хьай сил а даздина дихкина г1азот,
Хьай сил а язйина даймехка маршо,
Мангало кес санна мостаг1ий эгош,
Борз хилла лийти хьо сий Долу нохчо!

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 5
Популярное сейчас
Видео
  • Вставайте, Кавказа сыны! Вставайте, Кавказа сыны!
    Георгий Квеквескири и АМАрекордс - Вставайте, Кавказа сыны! (Песня: Хамзат Ханкаров - Гимн Кавказа)