Безаман цу ц1аро вагийна лела,
Хьоменаг, хьан коре хийлаза хьийза,
Хьан б1аьргийн и суйнаш даг чуьра далац,
Малика боху ц1е, даг чуьра ялац..
Хаалахь, сан дог ду безамах догуш,
Йезачу йо1ана ша иллеш дохуш,
Хаалахь, сан аз ду и иллеш лоькхуш,
Ойла ю безамца даиман ехаш..
Мостаг1 соьх тарвелча санна хьо лела,
Буьйсанна наб яйна со хийла лела..
Х1уьттаре еш санна кхечарна йоьлу,
Амма а хьуна со дага ца воху..
Вайшинна-м г1уллакх хир дац ахьа соь ца олу..
Сан дагна бина ша бешна ца болу..
Йола-хьа шовдане къинхетам бе-хьа
Ма хьежа соь шийла - ахь со ма ве-хьа..
Садайна, маьркIажа хан, малх къайла бели,
Седарчий цу стиглахь шаьш гучудевли,
И берийн гIар-тата жIаьлеша яйъи
Хьан хаза аз хезна дог ловза дели ..
Хаалахь, сан дог ду безамах догуш,
Йезачу йо1ана ша иллеш дохуш,
Хаалахь, сан аз ду и иллеш лоькхуш,
Ойла ю безамца даиманна ехаш..
Сан илли чекхдолу, амма чекхбалац,
Сан безам теша хьо, со хьоьха валалац,
Амма сан кийра бу г1орийна лаьтташ,
Вехар ву сайн кийрахь и безам кхобуш..
Вадуд Хизриев еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1