Жималлехь дуьйна хьо езайелла лела со,
Хан-зама д1ауьду хаза хуьлуш лаьтта хьо,
Х1инца хьо урамехь схьа йог1уш суна го,
Амма сан тергарло ца йеш д1а йоьду хьо.
Ва, нена йо1, доьху хьога ма г1о,
Ва, нена йо1, вист хила пурба ло,
Ва, нена йо1, ма хьегавехь хьайха со,
Ва, хаза йо1, хьан ц1ергахь вогу со.
Хазачу цу б1аьргаш, оьздачу леларо,
Хьан елайаларо 1ехийна лела со,
Аса х1ун да деза техь диллинчу сай дагна,
Хьоьца шен дахаран некъ билла луучунна.
Хьо гаре сатуьйсуш хи йистехь лаьтта со,
Хьо ца гуш де даьлча сан даго сагаттадо,
Х1инца-м сан дерриге дахар хьох тешна ду,
Амма хьо юха а суна т1ех ма юьйлу
Валид Гадаев еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2