Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Валид Гадаев - Дог | Текст песни


Х1у де ас хьомениг, доьлхуч дагна?
Къинт1ера яла со хьайх къастарна
Ма хьежа са б1ара ойланашца
Ма делха, ма делха, кийрара дог сан.

Кху хазчу 1уьйренца баланаш бу
Кху хазчу суьйренца безамаш бу
Вайщинне дегнаш вовщех хьегош
лелар ду, лелар ду неха синош.

Яланза ца ялла ехар ю хьо
Валанза ца ваьлла вехар ву со
Вайщинна дахар хир дац цхьана
хили хьох, хили хьох жима нана.

Х1у де ас хьоменаг доьлхуч дагна
Къинт1ера яла со хьайх къастарна
Ма хьежа са б1ара ойланашца
Ма делха, ма делха кийрара дог сан.

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Популярное сейчас
Видео
Нет видео
-