Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Валид Дагаев - Цкъа а къарлур дац | Текст песни

Тхо цкъа а цхьанненна
Къарделла совцур дац,
Я маршо, я Iожал -
Шиннах цхьаъ йоккхур ю!

БIастенга тхаьш довлахь,
Цу кхахьпа элашка,
ХьотIца цIий тийсита
Делах дуй биъна ду!

Мокхазан ламанаш
Даш хилла лаларах,
МостагIийн арданго
Тхо гора дегор дац!

Бос Iаьржа ва латта
Молханах лелхарах,
Тхешан сий доьхкина
Тхо лаьтте доьрзур дац!

Мацалло хьовзадахь,
Орамаш дуур ду,
Хьогалло тхаьш бIарздахь,
Бецан тхи мийра ду!

Цу лаьмнийн хьехнашкахь
Шах цIераш летор ю,
Тхайн таррийн юьхьгашца
Уьш марсайохур ю!

ХIоьънаша зарзийна,
Тхайн чорда башлакхаш,
Къоначу воIарийн
Белшах тIе туьйсур ю!

Къанделча къонлур дац
Вай делча денлур дац,
Вай динчу наноша
Вай юьха дира дац!

Валид Дагаев еще тексты


Другие названия этого текста
  • Валид Дагаев - Цкъа а къарлур дац (0)
  • Валид Дагаев - ck1a_a_k1arlur_dac (0)
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
    Нет видео
    -