Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Гапур Алиев - Са илли д1а доьда | Текст песни

Десачу гуьйна тIе меца пхьуй санна,
КIецаш еш, хьан кIентий гуллучу дийнахь,
Сан илли дIадоьду, гила-борз санна,
Акхачу хьаннашкахь лазамна угIа.

Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
Со мича гIур вара, мича?!

Карраш зен гIевттинчу майданийн койша
Узтазаш неIалтах багочу дийнахь,
Сан илли дIадоьду, сира сай санна,
Тарханийн назмане ладоьгIуш латта.

Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
Со мича гIур вара, мича?!

Курхалчаш, гIазотан байракхаш ловзош,
Къомах кхаж тарбелла хьийзачу дийнахь,
Сан илли дIадоьду, IиндагIа санна,
Еллачу ярташкахь хьан серло леха.

Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
Со мича гIур вара, мича?!

Кхоаме, тишачу барзакъе санна,
Халкъ шен лайн амалшка хьоьжучу дийнахь,
Сан илли дIадоьду, къена мурд санна,
Бицбинчу бIан новкъахь гIароллехь латта.

Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
Со мича гIур вара, мича?!

Хьо йохка Iеминчу къуйн стешха кIезий
Баьччанийн ловзарех ловзучу дийнахь,
Сан илли дIадоьду, аьрзуно санна,
Хьан некъийн хIора сиз бIаьрсица къийла.

Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
Со мича гIур вара, мича?!..


Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-