(фишка)
ГIаргIулеш йоьлхуш яха
ДIога стигалхула.
«Халахета, – эли ахьа, –
Хаац стенна суна».
Дагаеа хьуна бIаьсте,
И вайн сийна бIаьсте,
Г1аш, зезагаш, вайн ойланаш,
И вайн сирла ойланаш.
Лазам хилла ека гуьйре
ГIаргIулийн аьзнех.
Иштта мерза, иштта дуьра
Сан дог цкъа ца лезна.
Лазам хилла ека гуьйре
ГIаргIулийн аьзнех.
Иштта мерза, иштта дуьра
Сан дог цкъа ца лезна.
(фишка)
Ловзар ма дац дахар хIара,
Йиш яц юхадоло –
Мел и хиларх вайна хала,
БIаьсте яьгна йолу.
ХIетте хьажий тахна вайша,
Кху гуьйренан дийнахь,
БIаьсте санна, ирсе, тийна
Вовшийн бIаьра хьажа.
Лазам хилла ека гуьйре
ГIаргIулийн аьзнех.
Иштта мерза, иштта дуьра
Сан дог цкъа ца лезна.
Лазам хилла ека гуьйре
ГIаргIулийн аьзнех.
Иштта мерза, иштта дуьра
Сан дог цкъа ца лезна.
(фишка)
БIаьста санна, дела, делха,
Доггах вовшийн деза.
Мийла безам, зIаьнарш маьлхан,
БIагор хьовззалц мерза...
Дагаеа хьуна бIаьсте,
И вайн сийна бIаьсте,
Г1аш, зезагаш, вайн ойланаш,
И вайн сирла ойланаш.
Лазам хилла ека гуьйре
ГIаргIулийн аьзнех.
Иштта мерза, иштта дуьра
Сан дог цкъа ца лезна.
Лазам хилла ека гуьйре
ГIаргIулийн аьзнех.
Иштта мерза, иштта дуьра
Сан дог цкъа ца лезна.
Лазам хилла ека гуьйре
ГIаргIулийн аьзнех.
Иштта мерза, иштта дуьра
Сан дог цкъа ца лезна.
(фишка)
Стихи Мусы Ахмадова и Исы Бецаева
ГЕМА...Али Димаев (гр. ЗАМА / ZAMA) еще тексты
Другие названия этого текста
- Али Димаев (гр. ЗАМА / ZAMA) - Гуьйренан мукъам / Gu'yrenan Muk'am (Лучшая Группа Всех Времен) (1)
- Али Димаев (гр. ЗАМА / ZAMA) - Гуьйренан мукъам / Gu'yrenan Muk'am (Лучшая Группа Всех Времен) (0)
- ГЕМА...Али Димаев (гр. ЗАМА / ZAMA) - Гуьйренан мукъам / Gu'yrenan Muk'am (Лучшая Группа Всех Времен) (0)
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1