I.
Ала соьга деги езар, ц1ена дагар хьайн,
Хьайн безамах кхинаг хьегош муха лела хьо
Вехар ву со х1о дуьнент1ехь безамах хьоьгуш.
Хьо лелахьа деги езар соьха йоьлуш ( 2 раза )
II.
Х1ара 1уьйренаш, х1ара суьйренаш хьуна елир ас
Х1ора дог1у керла денош хьуна делир ас.
Айса олу керла илли хьуна олу ас,
Хьо сайна езарна ц1ена безамца.
III.
Х1инца-м со вицвина гена ели хьо,
Гена яьлла, кхинаг лехна яха хии хьо
Ехар юй те хьалха санна, ехар яц суна.
Еза бохуш даим уллехь хир вац со хьуна ( 2 раза )
IV.
Х1ара 1уьйренаш, х1ара суьйренаш хьуна елир ас
Х1ора дог1у керла денош хьуна делир ас
Айса олу керла илли хьуна олу ас,
Хьо сайна езарна ц1ена безамца.
V.
Ма мотталахь деги езар хьоьга ваьлла воьлхуш ву,
Ма мотталахь деги езар хьоьхи ваьлча со лийр ву
Безам иза х1о дуьнент1ехь къаьсташ х1ума ду.
Со безамах ваьлла аьлла дуьне духур дац ( 2 раза )
Гр.Радди еще тексты
Другие названия этого текста
- Гр.Радди - Деги езар (M95) (0)
- Гр.Радди - Деги езар 2 (M95) (0)
- Руслан Дучуев - Деги езар (M95) (0)
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2