Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Дечиг пондар - Сан даймохк | Текст песни

Нанас берахь дуьйна, суна хьо марзбина
Хьоьга даггара дуьйцуш, хийла ойла йина
Сан дай баьхна латта, сан ирс долу Даймохк
Ахьа кхиийна, ахьа стаг вина, со новкъа велира.

Хьора йог1у кхане, хьоьца йоккхур бохуш
Винчу махка кхача аса са тийсинера
Сай дай баьхна латта, сан ирс долу Даймохк
Малх бицбина, нур къагийна хьо суна лепара.

Хьуна гена ваьлча, херехь зама яьлча
Даго лоьху зурма суна хьо хетара.
Сай дай баьхна латта, сан ирс долу Даймохк
Хьох къаьстина, дог диллина 1алург ца хиллера.

Дечиг пондар еще тексты


Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2
Видео
Нет видео
-