Массаьрна юккхера хьо хьаьржина ас,
Хьо гаре сатесна кхочур ву со,
Алахьа, со дага вог1ий хьуна?
Йелалой ялахьа дуьхьал суна.
Алахьа, алахьа, ма хета эхь,
Резай юй хьо суна, кхетий хьо соьх?
Дашочу гуьйрено безам хьоьстуш,
Цхьа башха суьйре ю хьоьга хьоьжуш.
Мел генахь хиларх со гергахь ву хьуна,
Ойланца даима дуьхьал туьйсу,
Хьан хазчу б1аьргаш 1ехийна со,
Дахарехь барт цхьана ма ирсе го.
Джамиль Дзагиев еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1